Хьоме Махкахой! Ас даггара декъала до шу Нохчийн меттан денца!
Ненан мотт – муьлхачу къоман бух а, сий а ду. Ненан меттаца йоьзна ю вайн культура а, вайн г1иллакхаш а. Адамаш ненан маттахь къамел дийцна а ца 1аш, ойланаш а йо. Шен мотт ца лоруш, и бицбинчу къоман сий довр ду. Вайн Паччахьо, Россин турпалхочо, Нохчийн Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн меттан сий ойуш, цуьнга болу ларам лакхабокхуш Нохчийн меттан де билгал дина. 25 – г1а апреляхь нохчийн мотт хеста бо вайн махкахь. Зорбанехула цуьнан мехалла гойтуш къа хьоьгуш болу поэташ, ненан меттан хьехархой баз бо вай. Ас даггара декъала бо уьш массо таханалера дезачу денца! Дала аьтто бойла шу!
Поздравления

Последнее от Мовсар Хириханов
Оставить комментарий
Убедитесь, что вы вводите (*) необходимую информацию, где нужно
HTML-коды запрещены